Нохчийн яздархошна лерина вовшахкхетаран суьйре.

25.04.2016

  25 апрель-Нохчийн меттан Де. Нохчийн яздархошна лерина вовшахкхетаран суьйре.                                       Кхайкхам «Ларбе мотт, хазбе и …»

1алашо: вайн мотт угаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; вайн а, кхечу къаьмнийн а яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте бовха безам кхоллар.

 

Хьехархо Басханова Хеда:

-  Хьоме бераш, хьомсара накъостий, тахана вай д1ахьур ду, Нохчийн меттан дезчу денна лерина долу вовшахкхетар.  Вай дуьйцур ду нохчийн яздархой лаьцна, церан дахарх а, кхоллараллех лаьцна а, йоьшур нохчийн маттах лаьцна  байташ,(хелхарш, кицанаш, сурт х1оттор, эшарш) Вовшахкхетар д1адолош, х1инца вайна йоьшур ю,  нохчийн сийлахьчу поэта Мовсар Эскерхановс язйина йолу "Нохчийн мотт" ц1е йолу стихотворени  3 –чу «б» классера дешархоша.

      (Амаев Муслима, Басханов Рамзана, Абушев Эмира, Дадаев Шамила)

    Дадаев Джамбулат:  

    Бекалахь, ненан мотт, ца хедаш, ца соцуш.

Хьайн хазчу мукъамца тхан дегнаш делош!

Бекалахь, ненан мотт, тхан деган мерз хилий.

Бакъонца, машарца даха ницкъ луш!

 

 Хьехархо:   

    Олуш ду нохчийн хелхар – иза шатайпана буьйцуш мотт бу, стеган хелхарца цуьнан амалш, доьналла а, догойла а, безам а дукха аг1онаш евза.

Ткъа  вайн хелхарш шатайпана хаза ду.

   Хелхар: 1)  Довлетмерзаев Рамзан, Дадаева Медина.

                   2)  Дадаев Джамбулат, Галаева Селима

Вед.1-Де дика хуьлда, тхан хьоме доттаг1ий.

 

Вед.2 -Маршалла ду шуьга массаьрга ,х1окху дезчу дийне –Нохчийн меттан Дийне гулбеллачаьрга.

 

Вед.1.Дезденош тайп-тайпана ду :хьехархойн ,лоьрийн,студентийн иштта д1а кхин а.Ткъа хьенан дезде ду  Нохчийн меттан Де?

 

   Вед.2.Нохчийн мотт буьйцуш а ,1амош а и бийца лууш волчу х1ораннан а . Делахь х1ета, массо а къоман.

 

Вед. 1.   Къоман уггаре коьрта билгало мотт бу. Нохчийн Маттаца схьакхачийна вайга вайн дайн-наноша  халкъан иэс,,амал,г1иллакхаш.  къомо шен мотт хьалаайбар ,цо  шен синкхетам самабаккхар ду.

                                                                                                                                                             Вед.  2   Нохчийн Республикан  куьйгалхочо  Рамзан  Ахматович Кадыровс шен Указца  «Нохчийн меттан Де» -д1акхайкхийна апрель беттан 25-г1а де. Оцу указца цо гайтина шен матте болу ларам.

Вед. 1.    Тахана вай х1окху дезчу денца декъал дан кечам бина 3- г1а класса. Ладог1ий вай цаьрга.?!

Хьехархо: Х1инца вайна дешархоша нохчийн г1арабевллачу яздархойн, поэтин дахар а, кхолларалла довзуьйтур ду. Бадуевн Саь1ида дахарх а, кхоллараллех лаьцна вайна дуьйцур ду Довлетмерзаев Рамзана.

   Байт д1айоьшу Дадаева Мединас, Шовхалова Тамилас

   Хьехархо: Мамакаевн Мохьмада дахарх а, кхоллараллех лаьцна вайна дуьйцур ду Батаев Юшаа.

Байт д1айоьшу Джауева Пет1амата, Авдиева Элинас.

     Вед. 2.       1илманчаша  дерриге а дуьненахь, кхо эзар сов къаьмнийн мотт  лору. Нохчийн мотт-нохчийн къоман халкъан  мотт бу.

 Ткъоьссалг1ачу б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа Петр Карлович Услара нохчийн маттах лаьцна кху кепара яздина: «Нохчийн мотт ч1ог1а къен хитар даржош  даржош берш  цунах цхьана а кепара кхеташ боцу нах бу.Мелхо а и мотт шен г1оьнца адаман ойланаш –уггаре а к1оргера аг1онаш йийцалур йолуш,ч1ог1а хьалдолуш бу»

                                                                                                                                                Вед.1. Ткъа вайн г1араваьллачу яздархочо, поэта Шайхи Арсанукаевс шайн «Ненан мотт» стихотворенехь аьлла хьекъале дешнаш.

Дешархоша д1айоьшу байт Ш.Арсанукаев «Ненан мотт»

(Байкаева Амина, Галаева Селима, Довлетмерзаев Рамзан, Исмаилова Хьава, Агамирзаева Аминат)

Арснукаев  Шайхи , Мамакаев 1аьрбин дахарх а, кхоллараллех лаьцна вайна дуьйцур ду Шовхалова Тамилас, Джауева Раянас

      Хелхар: Шовхалова Тамила, Магамаева Марха.

Вед.  2.  Нохчийн меттан  хазалла а , исбаьхьалла а гойтуш язйина  вайн яздархоша ,поэташа а  Билал Саидовс, Абузар Айдамировс.,М.Мамакаевс иштта д1а кхиа.Х1инца цаьрга цхьайолчаьрга вай ладуг1ур ду.

 

 (под мелодию) Байт «Со вина кавказан ломахь»А.Айдамиров.

 

 ( Ховхаев Рамзан, Хамурзаева Альбика, Мусиханов Хьажи)

 

Сурт х1оттор. « Цициго ж1аьле.                                                                                       Саидов Билалан дахар а, кхолларалла а довзуьйтур ду Байкаева Аминас

 

Байт «Ненан мотт»д1айоьшу Батаев Юша1.

 

 

Вед.1.Мотт ц1ена а, говза  а буьйцучу стаге  ладог1а ца  к1орда до.Оцу адамех ву вайна  массарна а хьомсара волу  Зайнди Джамалханов.

 

Вед.2.Нохчийн къомах цхьа а стаг  вац иза ца вевзаш.Цунах тахана дукха наха «меттан да «олу .Меттан 1илманча ,поэт,яздархо санна вевза тахана З.Джамалханов.

    Зайнди  Джамалхановн дахаран некъ вайн бовзуьйтур бу Зураев Адама.

 

Вед.1.Халкъан академика ,профессора З.Джамалхановс нохчийн матах лаьцна кху кепара аьлла. «Ненан мотт-халкъан дахаран хазна ю.Мотт адамийн уьйран а ,кхиаран а .къийсаман а г1ирс бу.

Халкъан мотт – халкъан историн куьзга ду.»

    

Берсанов Хож-Ахьмада , Ахматова Раисин  дахарх а, кхоллараллех лаьцна вайна дуьйцур ду Дадаев Джамбулата, Дадаева Мединас.

Кицанаш.

 

   Вед. 2. Хьоме бу нохчашна Ненан мотт а ,вина мохк а ,къоман 1адат а,г1иллакх.  Вайга х1ун я муха дийцалур дара б1е шо хьалха Иордане ,Шеме ,хонкаре д1абахана хиллачу нохчаша ненан мотт бицбалийтина хиллехь..

Вед .1Сулейманов Ахьмада аьлла:»Кхо х1ума ду кху дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш ,вовшех даьхча кхуьй а леш –Даймохккий,ненан моттий ,халккъий.» Тахана а ду сийлахь а .деза и кхоъ-Даймохккий,моттий,,къаммий-вовшех къасто йиш йоцуш.

 

Илли «Даймохк»  (зудаберийн тоба)

Хьехархо:Вайна ма-хаъара, вайн нохчийн г1иллакхехь, бусалба динехь ма-хьеххара, ненан сийлалла лакхарчу т1ег1ан т1ехь ю. Нана бохуш  долу дош доккха маь1на долуш дош ду. Цундела нийса хир дацара, х1инца "Нана" ц1е йолу эшар ца лекхча. И эшар хазахетарца д1алокху Цхьа сингаттам баьлча ,

Хилча халахетар

 

   Вед. 2.Ненан меттан ницкъах дуй бууш санна теша до вай  М.Мамакаев Мохьмада: «… шен ненан мотт  халкъо  сий ойбуш 1алашбахь   цу халкъан парг1ато цхьаммо а хьошур яц.»

 

    Вед.1.Нохчийн мотт, хьо бека бисалахь

 тахконза дисинчу аганна,

ненан мотт,хьо хезчохь бисалахь

Нана мел езачу беранна Нохчийн мотт хьо бийца бисалахь

Ненан мотт мел безачунна

Нохчийн мотт ,хьо баха бисалахь

Нохчийн къам мел деха цуьнца.

 

(Дош ду нохчийн меттан хьехархочунна (Бадаева Малика))

 

Хьехархо:

Дерзош дало лаьа суна х1ара дешнаш:

Сан Нохчийн мотт.

Сан деган мерз,

Сан Ненан мотт,

Сан Даймехкан – орам!

Хьо хууш, хьо буьйцуш,

Со хиларна – ирсе хета,

Хьо 1амош, хьо хьоьхуш,

Со хиларна – ас  дозалла до!

Хелхар (лезгинка.)